Нохчийн меттан де!
25.04.2021
Лараме сан белхан накъостий!
Даггара декъалдо шу Нохчийн меттан денца! Шен ненан мотт цабезачунна, цуьнца ховха юкъаметтиг йоцучунна, иза Iалашбеш воцучунна шен Даймохк безийла а дац. Дуьненахь уггаре а хьалдолуш а, хаза а, исбаьхьа а бу нохчийн мотт.
Нохчийн мотт вайн халкъан коьрта билгало ю, вайн къоман бух бу. ХIора а нохчичун сийлахь декхар хета суна шен мотт ларбар, Iалашбар, кхиор, шен къоман истори, культура евзаш-езаш хилар.
ХIокху дезачу дийнахь вай дIагойту нохчийн матте болу вайн безам, дагалоьцу вайн орамаш, баркаллаш боху нохчийн маттахь деша а, яздан а Iамийна болчу вайн хьехархошна.
Вайн декхар ду ненан маттаца йовха а, ховха а юкъаметтиг хилийтар, иза Iалашбар, марзбар, баржор, бовзийтар Ненан матте безам доьзалехь кхолла безаш бу, тIаккха иза дIабер бац.
Кхин цкъа а даггара декъалдо шу Нохчийн меттан денца! Лаьа шу ирсе хуьлийла, шун могашалла, аьтто хуьлийла, ненан матте боккха безам шун хуьлийла!
Ларбелаш нохчийн мотт!