Нохчийн меттан Де!

25.04.2022
Нохчийн меттан Денца даггара декъалво Нохчийн Пачхьалкхан Куьйгалхо, Россин Турпалхо Рамзан Ахматович Кадыров, иштта вайн пачхьалкхан бахархой! 25 апрель Нохчийн меттан Де билгалдаккхар ч1ог1а мехала г1уллакх ду, маттехула йевза вайна вешан истори а, культура а. Ненан мотт кхиор, иза 1алашбар, т1екхуьучу т1аьхьене д1акховдор- иза вайн массеран а декхар ду. "Шен ненан мотт халкъо сий ойбуш 1алашбахь, Цу халкъан парг1ато цхьаммо а хьошур йац!" аьлла -кх вевзаш волчу нохчийн йаздархочо Мамакаев Мохьмада.