Этнодиктант
13.12.201813 декабрехь 2018ш. Грозненски муниципальни к1оштан Г1улари юртан юкъара дешаран №1 –чу школехь д1аяхьара Айдамиров Абузаран дахарх а, кхоллараллехь а лаьцна «Гражданин, патриот, яздархо» ц1е йолу региональни этнографически диктант.
Диктант д1аяхьаран 1алашоо а, лехамаш а, принципаш а.
Диктант 1алашонаш:
- эхь-бехкаман а, гуманизман а, патриотизман а бух т1ехь граждански юкъаралла кхоллар;
- Нохчийн Республикан бахархойн этнографически а, культурологически а, лингвистически а, Айдамиров А.А. кхоллараллех долу хаарийн т1ег1а билгалдаккхар;
- ненан маттехула а, литературехула а, 1илманехула а, дийнна схьаэцча, дешарехула халкъан синмехалаш яржош а, ч1аг1ъяр а.
Диктантан лехамаш:
- республикан бахархойн лингвистически а, культурологически а хаарийн т1ег1а довзар, церан воккха-жималлин а, социальни структурехь д1алоцучу меттиге а хьаьжжина;
- диктантан декъашхошна шайн нохчийн маттах а, литературех а, этнографех а, культурологех а, Айдамиров А.А. кхоллораллех долчу хаарех дерг билгалдаккхар;
-хаамийн г1ирсийн а, нохчийн юкъараллин а меттан, этнографически, культурологически хаарийн проблемашна т1е тидам бахийтар;
- республикан бахархой ненан мотт а, литература а, этнографи а, культурологи а 1аморна т1еберзор.
Этнографически диктант язъярехь дакъалецир хьехархоша а, дешархоша, воккха-жима хиларца а, дина лехамаш кхочушбарах а, гражданаллах а доьзна доцуш.
Диктант д1аяхьарах лаьцна суьрташ а, видео а яккхийна.