Мамакаев Шамсуддинан 1аьрбин дахарх а, кхоллараллах а лаьцна «Сан дог, хьо деттало къахьоьгуш халкъана» ц1е йолу РЕГИОНАЛЬНИ ЭТНОГРАФИЧЕСКИ ДИКТАНТ
28.02.20192019 шеран чиллин беттан 28 дийнахь Грозненски муниципальни к1оштан Г1улари юьртан юкъара дешаран №1 – школехь д1аяьхьара Мамакаев 1аьрбин дахарх а, кхоллараллехь а лаьцна «Сан дог, хьо деттало къахьоьгуш халкъана» ц1е йолу региональни этнографически диктант.
Диктант д1аяхьаран 1алашоо а, лехамаш а, принципаш а.
Диктантан 1алашонаш:
- эхь-бехкаман а, гуманизман а, патриотизман а бух т1ехь граждански юкъаралла кхоллар;
- Нохчийн Республикан бахархойн этнографически а, культурологически а, лингвистически а, Мамакаев 1аьрбин кхоллараллех долу хаарийн т1ег1а билгалдаккхар;
- ненан маттехула а, литературехула а, 1илманехула а, дешарехула халкъан синмехалаш яржош а, ч1аг1ъяр а.
Диктантан лехамаш:
- республикан бахархойн лингвистически а, культурологически а хаарийн т1ег1а довзар, церан воккха-жималлин а, социальни структурехь д1алоцучу меттиге а хьаьжжина;
- диктантан декъашхошна шайн нохчийн маттах а, литературех а, этнографех а, культурологех а, Мамакаев 1аьрбин кхоллораллех долчу хаарех дерг билгалдаккхар;
-хаамийн г1ирсийн а, нохчийн юкъараллин меттана, этнографически, культурологически хаарийн проблемашна т1е тидам бахийтар;
- республикан бахархойн ненан мотт а, литература а, этнографи а, культурологи а 1аморна т1еберзор.
Этнографически диктант язъярехь дакъалецира; хьехархоша а, дешархоша, воккха-жима хиларца а, дина лехамаш кхочушбарах а, гражданаллах а доьзна доцуш.
Диктант д1аяхьарах лаьцна суьрташ а, видео а яьккхийна.